Notice: Function _load_textdomain_just_in_time was called incorrectly. Translation loading for the wp-migrate-db domain was triggered too early. This is usually an indicator for some code in the plugin or theme running too early. Translations should be loaded at the init action or later. Please see Debugging in WordPress for more information. (This message was added in version 6.7.0.) in /home/argun/newargun.ru/wp-includes/functions.php on line 6114
Белхи — Муниципальное образование город Аргун
Skip to content Skip to left sidebar Skip to footer

Белхи

Аргун-шахьаран бахархойн дика ламаст хилла д1ах1оьттина шайн кешнашкахь ц1ано латтор. Цунна  «бехкениг» юьртда Темирбаев Ибрах1им ву. И Дела реза хир волу г1уллакх масех шо хьалха дуьххьара юкъадаьккхинарг иза ву. Ибрах1иман кхайкхамца х1ора шарахь шозза-кхузза юьртан белхи вовшах а тухий Аргун-г1алахь долчу шина кешнашкахь ц1ано ю юьртахоша, г1алин предприятийн, организацийн, учрежденийн  белхахоша.

Иштта хилира 2-чу майхь а. Юьртдас Темирбаев Ибрах1има а, къеда волчу Доскаев Юнус-хьаьжас а бинчу кхайкхамца инзаре боккха белхи вовшахкхеттера Аргун-шахьрахь Шоссейни урамца долчу кешнашкахь. 100 сов стаг вара и мелехь болу болх беш: бензина т1ехь болх бечу мангалшца буц хьокхуш, кешнийн баьрзнаш ц1андеш, мангалхошна т1аьхьара буц  шаданашца, к1омсаршца оьланашка т1егулъеш, цул т1аьхьа иза тракторшна т1аьхьатесначу лафеташ т1е а юттуш нехаш д1акхуьссучу полигоне д1айохуьйтуш.

Белхех баьхкинчарна юкъахь доггаха къахьегарца къаьсташ бара ПУЖКХ-н, финансийн урхаллин, больницан, берийн бошмийн урхаллин, пенсионни урхаллин, электроз1енан декъан белхахой.

Белхех баьхкинчарна саг1ийна юург-мерг яхьаш еъанера Аргун-г1алара совдегар Солтаева Жанета Асламбековна.

Де дохдаллац болх а бина, бисинарг кхана чекхбаккха сацам бира белхех баьхкинчара.

— Х1окху кешнашкахь ц1ано яр кхана чекхдоккхур ду вай. 1уьйранна 7 сахьт долуш, дешиэлах д1адуьйлалур ду вай, Дала оцу хене дахахь, — аьлла белхех баьхкинчарна доггах баркалла а олуш, вистхилира г1алин Мэран хьалхара заместитель Дудаев Сайд-Хьамзат.

А. ТАЗБИЕВ

img_0956img_0984 img_0972