Notice: Function _load_textdomain_just_in_time was called incorrectly. Translation loading for the wp-migrate-db domain was triggered too early. This is usually an indicator for some code in the plugin or theme running too early. Translations should be loaded at the init action or later. Please see Debugging in WordPress for more information. (This message was added in version 6.7.0.) in /home/argun/newargun.ru/wp-includes/functions.php on line 6114
Кхолламан беттан 28- чу дийнахь Устрад- Г1алин 1-чу школехь д1айаьхьира «2023- г1а шо Нохчийн меттан Шо д1акхайкхорца 1илманан- практически семинар». — Муниципальное образование город Аргун
Skip to content Skip to left sidebar Skip to footer

Кхолламан беттан 28- чу дийнахь Устрад- Г1алин 1-чу школехь д1айаьхьира «2023- г1а шо Нохчийн меттан Шо д1акхайкхорца 1илманан- практически семинар».

Семинарехь дакъалоцуш бара:
Нохчийн меттан институтан куьйгалхо, филологин 1илманан доктор Овхадов Рукъманан Муса, филологин 1илманан кандидат Эдилов Элимирзин Салавди, филологин 1илманан кандидат Солтаханов Элибекан Ибраьх1им, филологин 1илманан кандидат Иризиев Сайд- Эмин Сайд- Хьамзат а, иштта, нохчийн меттан институтан лаккхара белхало Абдулкадырова Олхазаран Раиса, хьехархойн говзалла лакхайаккхаран Центран куьйгалхо Говдаханова Лечин 1аламат а йара.
Баьхкинчу 1илманчаша дийцира нийсайаздаран коьртачу бакъонаш т1ехь бинчу хийцамех лаьцна.
Масалшца т1еч1аг1дира деллачу хеттаршна жоьпаш а. Дуккха а мехала хьехарш дира хьехархошна. Жоп доцуш ца дисира цхьа а хаттар.
Дала т1аьхье беркате йойла!