Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана @RKadyrov_95 шен омрица 2023-г1а шо дӀакхайкхийна нохчийн меттан Шо аьлла.

Цу хьокъехь Устрада-г1алин дешаран департаментан куьйгалхочо Усманов Сайдмохьмада билгалдаьккхира нохчийн меттан Шо лаккхарчу т1ег1ан т1ехь д1адахьа дезаш хилар а, нохчийн мотт дуьненахь уггаре хаза а, хьоме мотт хилар а.
Устрада-г1алин мэрис дешаран департаментаца цхьаьна бан леринчу белхан 1алашонаш йовзийтира Усманов Сайдмохьмада, жигара беш болчу белхан жам1аш а дира. Хьехархошна а, дешархошна а, ткъа иштта Устрада-г1алин бахархошна а йукъахь тайп-тайпана конкурсаш а, къовсамаш а, ненан матте безам совбоккхуш белхаш а.
Царех бу:
1 «Ларбе мотт» ц1е йолу акци;
2 Нохчийн маттана лерина горга стол;
3 Нохчийн меттан тоьлла хьехархо;
4 Нохчийн маттахь ша йазйина тоьлла байт;
5 Нохчийн меттан тоьлла кабинет.

Дала т1аьхье беркате йойла вайн!
АХМАТ-СИЛА! АЛЛАХ1У АКБАР!

Back to top