Лараме Ибрах1им!


Тахана билгалдоккхуш ду хьо вина де. Ала дог1у ахьа хьакъйоллу меттиг д1алоцу вайн Устрада-г1алин исторехь. Вайн къомана уггаре хала киртиг т1ех1оттича бакъволу къонаха санна, хьо  гуттара а хилла нохчийн халкъаца. Доьналлех ца вухуш, хьайн юьртахойн тешаме да а, ваша а хилла чекхваьлла хьо шина т1еман ц1аргахула.
15 шо зама ю хьо юьртда волу а. Цу хенахь вайн  мехкан куьйгалхочо Россин Турпалхочо Р. А. Кадыровс г1о-накъосталла а деш хьан аьтто  баьлла  вайн Устрада-г1ала туьйранахь санна ц1инъян, цуьнан сибат ца довззал хийца. Тахана вайн шахьар республикехь а ц1еяххана ц1ена а, исбаьхьа а, куьцехь а г1ала ю.
Цуьнца цхьаьна билгалдаккха дог1у хьакъйолу юкъараллин къиэпе д1ах1отторехь вайн г1ала кхечу к1ошташна, шахьаршна масал хилла схьайог1уш хилар.
Х1ета вайна цкъа а дицлур дац 15-20 шо хьалха кхузахь лаьттина хьал: маьрша нах буьйсанна шайн х1усмашкахь д1адийша ца баьхьаш, зуламхоша, талорхоша вайгахь даллийнарг. Хьайн б1онакъосташца цхьаьна юкъ йихкина хьо д1ах1оттар бахьнехь ц1анъелира Устрада –г1ала зуламхойх, д1ах1оьттира къиэпе, ч1аг1делира низам. Устрада-г1алин бахархошна иза цкъа а дицлур дац.
Тахана оха  даггара декъалво хьо винчу денца. Аллах1-Дала ондда могашалла лойла хьуна. Хьайн ден-ненан, йиша-вешин, доьзалан, накъостийн вуо ца гуш кхид1а йолчу хенахь а ирс-аьтто болш, ийман-беркат совдолуш  г1оза вехийла хьо!
 
Депутатийн Устрада-г1алин Советан,  г1алин мэрин белхахой, хьан накъостийн тоба
Back to top