Кхолламан беттан 28- чу дийнахь Устрад- Г1алин 1-чу школехь д1айаьхьира «2023- г1а шо Нохчийн меттан Шо д1акхайкхорца 1илманан- практически семинар».

Семинарехь дакъалоцуш бара:
Нохчийн меттан институтан куьйгалхо, филологин 1илманан доктор Овхадов Рукъманан Муса, филологин 1илманан кандидат Эдилов Элимирзин Салавди, филологин 1илманан кандидат Солтаханов Элибекан Ибраьх1им, филологин 1илманан кандидат Иризиев Сайд- Эмин Сайд- Хьамзат а, иштта, нохчийн меттан институтан лаккхара белхало Абдулкадырова Олхазаран Раиса, хьехархойн говзалла лакхайаккхаран Центран куьйгалхо Говдаханова Лечин 1аламат а йара.
Баьхкинчу 1илманчаша дийцира нийсайаздаран коьртачу бакъонаш т1ехь бинчу хийцамех лаьцна.
Масалшца т1еч1аг1дира деллачу хеттаршна жоьпаш а. Дуккха а мехала хьехарш дира хьехархошна. Жоп доцуш ца дисира цхьа а хаттар.
Дала т1аьхье беркате йойла!

Back to top