Вайн нохчийн поэзица гергарло лелочарна дика вевзаш ву – Россин журналистийн декъашхо, Россин яздархойн декъашхо, Нохчийн республикан культурин хьакъ волу белхахо, Нохчийн республикан хьакъ волу журналист, поэт, яздархо, вайн Аргунера вахархо – Аболханов Хьаким.
Кху оьздангаллин ц1ийнан белхалошна ч1ог1а мехала ду Хьаькимца долу шайн гергарло. Ша х1окху оьздангаллин ц1ийнан белхахо вац аьлла ца 1аш, оха шега г1о дехча цкъа а юьстах ца 1ийна Хьаьким кху балхана. Вайн къоман оьздангалла ларъярехьа, кхиорехьа, лакхаяккхарехьа, т1екхуьу къона т1аьхье кхетош-кхиореха оха бечу балха т1ехь тхуна дика накъост хилла, жигара дакъа лоцу Хьаькима.
Иштта,вайн республикехь х1ора шарахь д1ахьош йолчу «Синмехаллаш» проектехь дакъалоцуш оха беш болу белхаш Хьаькиман язъярш т1ехь беш бу. Кхушара , вайна ма-хаара, финале яьлла шолг1а меттиг яьккхира Аргун-г1алас цу проектехь. Ткъа Хьаькима тхуна цу т1ехь доккха г1о-накъосталла а дира. Массо а къовсамехь «Нохчийн къоман шира 1адаташ, г1иллакхаш, оьздангалла а» аьлла йолчу номинацехь д1агайтина долу суьрташ Хьаькима язъдина дара.
Даггара баркалла олуш декьал вира Аболханов Хьаким вай Аргун- г1алин дас Темирбаев Ибраьхьимас хьайн балха т1ехь кхиъмаш совбуьйлуш, ирс, аьтто, могшалла йолуш Дала дукха вахавойла хьо аьлла.