Аргунхойн гуламера

Еари дийнахь Аргун-шахьран Оьздангаллин ц1ийнехь хилира Аргун-г1алин бахархойн гулам. Цигахь дакъалоцуш бара предприятийн, организацийн, учрежденийн  куьйгалхой, г1алин бахархой, маьждигийн имамаш, 1еламнах, туркхаш, къанойн кхеташонан декъашхой.
Гуламехь чулацаме къамел дира юьртдас Темирбаев Ибрах1има. Цо  кхайкхам бира бахархошка ислам-динан бехкамаш кхочушбар, юьртарчу кешнашкахь ц1ано латтор, коьртачу маьждигехь 1амалъечеран мог1арш алсамдахар, кегийрхой ийманехь кхетош-кхиоран болх шарбеш-тобар.
Back to top