«Синмехаллаш» — Аргунехь

18-г1а апрель еххачу ханна дагахьлаьттар ду Аргун-г1алахь «Синмехаллаш» проектан рог1ера къовсадаларш д1ахьош хьовсархой хиллачарна. Делкъал т1аьхьа 2 сахьт даьлча Аргун-шахьран Оьздангаллин ц1енна хьалха леррина кечйинчу майданахь нохчийн г1иллакх-оьздангалла, вайн шира 1адаташ довзарехь, исбаьхьаллин декъехь пох1ма лакхара хьена ду хьовсуш къовсам д1ахьош бара Т1ехьа Мартанан а, Шуьйтан а к1оштийн векалш. Цаьрца Аргуне баьхкинера оцу к1оштийн куьйгалхой а.

Къовсадаларш д1адоьллуш гулбеллачарна хьалха къамел дира Аргун-г1алин Мэра Темирбаев Ибрах1има. Цо билгалдаьккхира нохчийн г1иллакх-оьздангалла юхаденъярехь вайн паччахьан Кадыров Рамзан-хьаьжин д1адолорца юкъаяьккхинчу «Синмехаллаш» проекто доккха маь1на лелош хилар.

Шина к1оштан векалша шайн хаарш зийра масех номинацехь: аганан илли; нохчийн г1иллакх; нохчийн шира хелхар; говза куьйгаш.

Оцу къовсамехь толам баьккхира тергамхойн жюрис 125 балл барамехь мах хадийначу Шуьйта к1оштан векалша. Царел 1 бал бен т1аьхьа ца йисира Т1ехьа Мартана к1ошт. Амма оцу къовсадаларехь дакъа лоцуш хиллачу НР-н культуран министра Дааев Хожа-Бауддис шен  бакъонца и 1 балл Т1ехьа Мартан к1оштан векалийн жам1ана т1е а тоьхна, оцу шина а к1оштан векалшна бакъо елира республикан т1ег1анехь «Синмехаллаш» проектан кхид1а хинболчу къовсамехь дакъалаца.

 

А. ТАЗБИЕВ

img_20170420_142015

Back to top