Кешнийн хьаьрмана гонаха акхтаргаш дуг1уш бу аргунхой

 

Март бутт болабелчхьана Аргун-г1алахь х1ора денна д1айоьлхуш ю субботникаш. Мухьаммад-Пайхамаран хьадисо ма бохху: «Ц1ано  ийманан ах ю». Цу т1е доьг1на шайн шахьар нехех ц1анъеш, синтарш  дуг1уш, куьце ялош вовшахтоьхначу белхешкахь жигара дакъалоцу г1алин предприятийн, организацийн, учрежденийн белхахоша, мог1арерчу бахархоша. Юьртден Темирбаев Ибрах1иман д1адолорца Аргун-шахьрахь сихчу боларшца д1ахьош ду коьртачу урамийн йистошца, майданашкахь, шахьар чуй-арий волучохь йолчу арканаш гонаха туяш, можжевельник, базанан синтарш дог1ар.
Х1инцале д1адоьг1на даима баьццарчу куьцехь хуьлуш долчу оцу диттийн 1еннаш синтарш. Баьццарчу духаро йолчу т1е хазйина, исбаьхьчу куьце ерзийна Аргун-шахьар.
Ур-атталла п1ераскана дийнахь а совцуш бац Аргун-г1ала ц1анъяран, куьце ялоран белхаш. 14-чу апрелехь  юьртдас Темирбаев Ибрах1има , цуьнан г1овсаша Дудаев Саид-Хьамзатий, Гокаев Лечассий, г1алин депутатийн Советан  председатела Башаев Эскирханий куьгалла  деш синтарш дог1аран белхаш д1абехьира Шела аг1ор боьдучу Шоссейни урамехь долчу коьртачу кешнашкахь. Кешнийн кертана 2 метр чохьа а узуш, некъаца хьала-охьа, цхьатерра нийса, туй тасаза шайн б1аьра а хьажалур воцуш хаза, исбаьхьа, шиъ-ах метр лекха  долу акхтарган синтарш д1адуьг1ийра белхех баьхкинчара. Кешнийн хьаьрмана гобаьккхина дог1а лерина ду акхтаргаш.

А. ТАЗБИЕВ

img-20170414-wa0049img-20170414-wa0072img-20170414-wa0064img-20170414-wa0046

Back to top